TG Telegram Group & Channel
lадлан Харачо | United States America (US)
Create: Update:

​​МуӀа‌вийат ибн Хьакам Суламис (АллахӀ реза хуьйла цунна) дуьйцу, цо боху: «Сан цхьа лай яра Ухьуд а, ЖавванийахӀ а олучу меттигашкахула жа дажош, тӀаккха цхьана дийнахь цига вахча, барзо жа юккъера уьстагӀ баьхьинче тӀекхечира со, ткъа со адам ма дай, нах санна оьгIаза а воьдуш, делахь а, цкъа туьйхира ас цунна, тӀаккха АллахӀан Элчанна (саллаллахӏу ӀалайхӀи ва саллам) тӀевахара со. Цо чӀогӀа даздира ас динарг, ас элира: «ХӀай АллахӀан Элча, маьрша йитий ас и?». Элчано элира: «Цкъа суна тӀе ялае иза». ТӀаккха иза Элчанна тӀе йигира ас. Цо хаьттира цуьнга: «АллахӀ мичахь ву?», - аьлла. Цо жоп делира: «Стиглахь ву». Юха а хаьттира цо: «Со мила ву?». Цо жоп делира: «Хьо АллахӀан Элча ву». ТӀаккха Элчано элира: «Маьрша йита иза, муъмин стаг ю иза». [Сахьи‌хь: Муслим: 537]

ХӀижрин 600-гӀа шарахь кхелхина волчу, Имам Ӏабдул-ГӀаний Макъдисис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) боху: «ШариӀат деана волчу Пайхамара АллахӀ мичахь ву аьлла, хаттар дина хилча, цул тӀаьхьа и хаттар дан мегар дац бохучул а жехӀал, цул а хьекъална кӀезга, цул а чӀогӀа нийсачу некъах тилла мила хир ву?!».

[Икътиса‌д фил-иӀтикъа‌д, агӀо: 89]

#АллахӀ_стиглахь_ву
https://hottg.com/adlan_haracho

>>Click here to continue<<

lадлан Харачо

Share with your best friend
VIEW MORE

United States America Popular Telegram Group (US)