Channel: Ибн Къаййим
✅Уггар доккха эскар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Iумар ибн ХаттIаба (АллахI реза хуьйла цунна) шен мостагIчунна дуьхьал гIо доIанца доьхура, уггар доккха эскар и лорура цо. Шен накъосташка ала а олуш: «Дукха дара аьлла хуьлуш бац шуна толам, мелхо а, толам стиглара хуьлуш бу». Иштта а олура цо: «Жоп хир дуй те аьлла са ца гаттадо ас, мелхо а, доIа дарна сагаттадо. ДоIа дан Дала шуна дагадаийтинехь, тIаккха цунна жоп, и доIа дан ма-динна хир долуш ду шуна»».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 28]
https://hottg.com/Ibn_Kayyim

✅Жоп дала лиъна
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«ДоIа дан Дала дагадаийтинехь (Далла) цунна жоп дала лиъна шуна».

✅ДIаьвшо догIмашна зен ма дарра
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Хаа дезачех ду хьуна, Iесалло а, къиноша а зен деш хилар, цхьа а шеко йоцуш! Дегнашна цара деш долу зен - дIаьвшо догIмашна зен ма дарра ду, цуьнга хьаьжжина, хуьлуш долу зен бес-бесара ма-хиллара. Ткъа дуьненахь а, эхартахь а цхьа а вон я цамгар а юй, шен бахьана Iесалла а, къинош а долуш бен?!»
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 66]

✅Ирча тIаьхьалонаш
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Дуьненахь а, эхартахь а дегIана а, дагна а мел зене ду АллахIана бен хуур доцуш, ирча тIаьхьалонаш ю къинойн».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 84]

✅Iилманах дIахервар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду Iилманах дIахервар. Iилма АллахIа дагчу тосуш нур ду, ткъа къиноша и нур дIадойу».

✅Рицкъах херваккхар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду рицкъах херваккхар... АллахIах кхераро рицкъ тIедохьуш ма-хиллара, АллахIах кхерар дIадаларо къоьлла тIейохьу, АллахIан рицкъ тIедохьуш цхьа а хIума ма дац, къинош Iаддадитар санна чIогIа».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 84-85]

✅АллахIаца херо
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ю уьш леточунна шен дагчохь хаалуш йолу АллахIаца херо».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 85]

✅Дикачу нахаца йолу херо
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ю уьш леточуьнан нахаца хуьлуш йолу херо, къаьсттина дикачу нахаца, и шен херо сов мел йолу а, царех генаволу иза, цаьрца охьахаарх а генаволу иза, тIаккха цаьргара пайда эцар ца нисло цуьнан, шайтIанан тобанна герга хуьлу иза, АллахIан тобанна генаваларан барамехь».

✅Дерриге хIума дуьхьалдалар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду дерриге хIума дуьхьалдалар, цхьа а хIума дола ца до, иза дуьхьалдаьллий бен, я иза дIа ца доьдуш бен, АллахIах кхераро лелош дерг аттадаре терра, АллахIах кхерар дIадаларо лелош дерг халадо».

✅Шен дагчохь бода хаабалар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду шен дагчохь бода хаабалар».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 86]
https://hottg.com/Ibn_Kayyim
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду шен дагчохь бода хаабалар».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 86]
https://hottg.com/Ibn_Kayyim
✅Дог чIагI мел ло а, дегI чIагIло
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду къиноша дегIера а, дагера а ницкъ дIабоккхуш хилар... Муъмин стеган ницкъ цуьнан дагчохь бу, тIаккха цуьнан дог чIагI мел ло а, цуьнан дегI чIагIло. Ткъа Iеса стаг дегIаца чIогIа велахь а, шена оьшучехь уггар гIийла стаг хуьлу, уггар чIогIа шена оьшучу хена шен ницкъах тешнабехк хуьлу цунна. Ойла ехьа, персой а, румхой а мел андий догIмаш долуш бара, уггар чIогIа царна ницкъ оьшучу хена муха тешнабехк хилира царна, бусалба наха шайн догIмийн а, дегнийн а чIагIаллица муха эшийра уьш?».

✅АллахIана дечу Iибадатах вáлар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду АллахIана дечу Iибадатах вáлар».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 87]
https://hottg.com/Ibn_Kayyim
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду АллахIана дечу Iибадатах вáлар».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 87]
https://hottg.com/Ibn_Kayyim
✅Хан яцъяр
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду къиноша хан яцъяр, цуьнан беркат а дIадоккху, цхьа а шеко йоцуш. Дика дерг даро хан яхъеш ма-хиллара, Iеса дерг леладаро хан яцйо».

✅Къиношкахь совваккхар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду къинош даро кхин а оцу къиношкахь совваккхар... Дика стаг АллахIана Iибадат дарх сецча гатто йогIу цуьнга, шен доккхаллица хIара дуьне гатло цунна, хих дIакъаьстина чIара санна хуьлу иза, цу АллахIана Iибадат даре юхаверззалц, тIаккха ша юхавирзича паргIато йогIу цуьнга, бIаьрг бузу цуьнан.
Ткъа Iеса стаг шен Iесаллах саца а сецна, Iибадатна чувоьлча гатто йогIу цуьнга, садукъло цуьнан, цуьнан некъаша бIарзво иза, цу Iесалле юхаверззалц. Дуккха а Iеса лелаш болчара шайн Iесалла лелайо-кх, цунах шайна хуьлуш цхьа а марзо йоццушехь, я хьашто йоццушехь, и ца лелийча ца магарна!».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 88]

✅Уггар йоккхачех цамгар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду цара дог шен лаамах гIелдар, тIаккха Iеса дерг лаар совдолу, жим-жимма тоба дан лаар гIелло, тIаьххьаре а тоба дар бохург дерриге дIадолу цуьнан дагчуьра, тIаккха ша ах велча а АллахIе тоба дийр дацара цо. Маттаца харцонан дайша деш долу тоба-м до цо, шортта «астагIфируллахI» бахарца, амма цуьнан дог-ойла сецна хуьлу и къа дарехь, цунах дIахаьдда а ца хуьлу иза, шен аьтто ма-беллина юха а и къа дийр долуш а хуьлу, ткъа хIара уггар йоккхачех цамгар ю, хIаллакьхиларна уггар герга ерг а ю».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 89]

✅Къа боьха цахетар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду и къа боьха хетар дагчуьра дIадалар, цуьнан Iадате дерзар и къа, массо нахана ша гича а, я цара ша вийцича а хIумма а ца хеташ. ХIара фасикъ нехан уггар доккха дозалла ду, шаьш латийначу къинах дозалла до цара, шаьш и къа диний ца хуучуьнга а дуьйцу цара: «Хьенех, ас иза а, важа а ма дина», - бохуш! Ткъа кху тайпа нах кхин нис а ца ло, тобанан новкъа уьш ца нисболуьйту, дукха хьолехь тобанан некъ дIакъовлу царна».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 90]

✅Стага ден къинош кхечу нахе а, хьайбанашка а дерзар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду кхиболчу нахе а, хьайбанашка а берзар стага дечу къинойн бала, тIаккха иза а, кхиверг а оцу къинойн, зуламан балано дIалоцу.
Абу ХIурайрата аьлла: «Кенгуру шен бена чохь ле зуламхочо лелош долу зулам бахьана долуш».
МужахIида аьлла: «Йовхо чIагIъелча а, йокъо хIоьттича а хьайбанаша неIалт олу адамашна, цара олу: «Адамаша лелош долу къинош бахьана долуш ду хIара»».
Iикримата аьлла: «Хьайбанаша а, лаьттара садолу хIуманаша а, кхеллин чхьаьвригаша а, скорпионаша а цхьаьна олу: «Адамаша деш долу къинош бахьанехь йокъо хIоьттина вайна»»».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 91-92]

✅Сийсазалла
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду цара сийсазалла тIе ца ян йиш йоцуш хилар, ерриге сийлалла АллахIана муьтIахь хиларехь ю. Лекха волчо боху: «Нагахь цхьаъ сийлалла езаш велахь, сийлалла-м ерриге а цхьана АллахӀан ю». [Сурат: ФатIыр, аят: 10] Цуьнан маьIна - АллахIана муьтIахь хиларца лохийла сийлалла, Цунна муьтIахь хиларца бен и карор яц».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 92]

✅Хьекъална эшар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду цара хьекъал талхош хилар. Хьекъал - нур ду, ткъа къиноша хьекъалан нур дIа ца дайа йиш яц, цуьнан нур дIадайича, и хьекъал гIелло, эша а оьшу».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 92-93]

✅Бохамаш
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду цара латта тIехь бес-бесара бохамаш бар: хишкахь а, хIаваэхь а, ялтанашкахь а, стоьмашкахь а, хIусамашкахь а. Лекха волчо боху: «Латта тIехь а, хIорда чохь а бохам гучубаьлла, наха деш долу хIума бахьана долуш, шаьш дечух цхьадолчунах цаьрга чам баккхийтархьама, уьш кхетар бацара те аьлла»». [Сурат: Рум, аят: 41]
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 99]

HTML Embed Code: